Цаьпцалгкепарнаш (лат. Tettigonioidea) — нийсатӀемийнкепарчеран доьзалера сагалматийн деха мекхаш долучеран тобанера тахана и цӀе йолуш цхьаъ бен боцучу доьзалах ю. 6800 сов тайпа ю массо а континенташ тӀехь (Антарктида йоцучу).
Корта шабаьлла хьен бохь болуш бу, дукха хьолахь агӀонашкара тӀетаӀийна, наггахь муцӀара. Когаш 4-меженах лаьтта. Хьалхара букъ нийса я арагӀоьртина бохь болуш, нийса лахахь охьатаӀийна агӀонашкара ласа а йолуш бу. Боьршачун тӀамтӀохенехь дукха хьолахь цӀар-цӀаран меженаш хуьлу. Хьаса шаяьлла RS-ца бу, цӀар-цӀаран меже йолчохь чӀогӀа хийцаелла ю. Дукха хьолахь тӀамтӀохе а, тӀемаш а тӀомалела функцеш йойу, амма юьсу чӀагӀъелла цӀар-цӀаран меже. ЗирхӀтосург стечуьнан, кӀеззигъерш дӀаяьхчахьана, еха, агӀонаш тӀиера таьӀна хуьлу.
Боьршачу цаьпцалго стечунан гайнтӀе сперматофор уллу. Флаконах (коьрта дакъа) а, сперматофилаксех (тӀеделла дакъа) а лаьтта сперматофор. Флакон къевлина ду чкъоьраца, дуткъа лаг а, шиъ чӀагӀдаран пийсак а ду цуьнан. Сперматозоид чохь йолу флакон, декъна ду шина декъе пардонца. Сперматофилакс тӀелета кепара хӀума ю.
Боьршачо флаконан лаг чудуьллу стечун дебаран Ӏуьргачу, ткъа ша флакон а, сперматофилакс а арахь ю дуьсу. Цхьана хиллачул тӀехьа стечо миллаша сперматофилакс дӀайуу, цу тӀе оралла меллаша дехьайоттало флакончура ахкаргчу, цул тӀаьхьа стечо флакон дӀайуу. Стечун гайн тӀеоьллина долу сперматофор сперматофилаксо даздо, цунах новкъарло хуьлу леларахь а, зирх тасарехь а, кхечунца хиларехь а. Кхин тӀе боьршаниг меллаша йаа еза, оралла флакончура ахкаргашка дехьаӀана кхиийтархьама.
Дукхаха йолу гӀирачара а, хӀуъу юучара а зирхӀтосург лаьттаха а йогӀуьйтий зирхӀ тосу латтаха. ЗирхӀ тосу цхьацца я оьланашца 5—10 цхьаьна вовшехтеснайолчу тӀетухачу стен-боьршаллин екхоьашца юкълучу дӀакъастаршца. Ораматашдучеран кепийн зирхӀ дукха хьолахь ораматийн тӀехула я латтан тӀехуларчу ораматийн декъашна юкъа тосу.
НӀаьвцицигаш схьадовлу бӀаьста, шен дахарехь 4 — 6-зза туьлу уьш. Цкъа тилча охьа а, тӀехьа а озийна юккъерабукъан а, тӀехьарабукъан а тӀехьара лахара маьӀгаш кепара тӀемийн зӀийдиг гучуйолу. КхузлагӀа тилча тӀемийн зӀийдаг букъ тӀехь хуьлу, кхаа сен кеп оьцу, царна тӀехь дохалла гучудовлу хьесий. ТӀеххьара тилча тӀемаш довлу.
Цаьпцалгкепарчеран нӀаьвцицигаш а, нимфаш а имагох къаьста йоккхаллин барамца а, дика кхианза тӀемашца а. Амма нӀаьвцицигийн яккхийчарех чӀогӀа къаьсташ кепаш ю. Уггар яккхий башхаллаш хаало трансформативан мимикри хилча, аьлча а нӀаьвцициган имагон йоцу мимикрин билгало хилча.
ЦӀар-цӀаран меже тӀемаш тӀехула ю. Аьтту тӀомантӀоьхен тӀехь гоьрга чекх са гуш пардон кепара «куьзга» ду, цунна гонахьа гур бина стомма цӀар-цӀаран хьаса бу. Аьрру тӀомантӀоьхенехь куьзга чекх са гуш дац, коьлина а, дикка онда а ду. Цунна гонахьара цӀар-цӀаран хьаса стомма а, цергаш йолуш а бу. И хьаса чӀондаргӀан хьесапехь бу, ткъа «куьзга» цӀар-цӀар деш резонаторан хьесапехь ду.
ЦӀар-цӀар деш цаьпцалго тӀомантӀоьхенаш ойбу, дӀасайогӀуьйту, тӀаккха егайо цхьана агӀонхьара вукха агӀора, иза бахьанехь «чӀондаргӀан» цергаш аьтту тӀомантӀоьхенан «куьзган» гуранах хьекхало.
ХӀора цаьпцалган тайпан шен кепара аьзнаш ду. Дукха хьолахь цӀа-цӀаран меже боьршачеран бен ца хуьлу, амма стечара цӀар-цӀар деш тайпана а ю цаьпцалгаш.
Хазаран меже ю хьалхарчу когийн голаш тӀехь, голан шинне а агӀора ду лергабад функци лелош овалан пардош. Дукха хьолахь пардо диллина ду, цхьадолчу тайпанийн тӀехула пардо дӀакъовлуш негӀарш ду. Хазаран меженан юккъера декъан чолхе структура ю, иза лаьтта нервийн чеккхенех, хӀуьла клеткех, дилхах, шина ген къамкъаргах, шен-шен лергабедан тӀейоьдуш йолу. Къамкъаргар хӀаваан таӀам бахьанехь пардо даиман озийна ду.
Цаьпцалгийн биотопаш инзаре тайп-тайпана ю — тропикийн джунглешкара, гӀум-аренашкара тундрашка а, лекхачу лаьмнийн цанашка кхаччалц. Кхечу дехамекхашдолу нийсатӀемашдолчаьрца дуьстича цаьпцалгаш еха йиллина ораматаш тӀехь, ца леладо лаьттах даьхна бенаш я дитташ.
Сих-сиха цаьпцалгаш хуьцу шайн бос гонахьара гӀашка я тӀехь еха кхин ораматийн декъашка хьаьжжина. Малайн архипелаган тӀехь еха цаьпцалган Elimaea poaefolia ша тӀехь хиина Ӏан гӀодах тера чӀогӀа озийна дегӀ ду.
Къайлаялар нисло тӀомантӀоьхенаш чӀогӀа шоръялар бахьана долуш, кхин а шакепара хьесий бахьанехь.
ГӀакепара тӀемаш Cycloptera elegans тӀехь ду бора тӀеданаш, уьш тер ду паразитийн жӀаьлин нускалш талхийначу гӀашшах. Tanusia тайпанчеран тӀомантӀоьхлонаш тӀиера тӀеданаш гӀа дахкадаларан кеп хиттайо, ткъа гома йисташ гӀа диана ду я кагдина ду моттадолуьйту. Иштта доккха сакхт ду моттуьйту Акридоксенаш (Acridoxena hewaniana) олучу тайпанан гӀан кепара тӀемаша.
Цхьайолу хӀиндо-малайн дитташ тӀехь еха цаьпцалгаш корсамах тарло. Иштта, масала, Яван Сатрофили (Satrophyllia femorata) тайпанарг, меттах а ца йолуш хиана Ӏа мекхаш а, хьалхара когаш а хьалха догӀуйтий диттан га тӀехь, къаста а ца ло и га тӀиерачу корсамах.
Алссама йолу цаьпцалгаш хӀуъа а юуш ю, гӀиралле теӀаш а ю. Нийсса дийцича, дуккха а билгалонашца цаьпцалгаш тера богомолех: иштта пхьераш ю къайлаяларехь, иштта цергаш йолчу хьалхарчу когашца лоцу ижу. Амма цхьайолу цаьпцалгаш ораматаш бен ца дуу. Масех кеп билгал яьккхина ю юьртабахаман зуламхой аьлла. Дукха дерг цӀозца я шайтаӀанан говрашца дуьстича кӀезиг хилар а, популяцин луьсталла лахара хилар а бахьанехь, зулам царех кӀезга ду, амма цхьадолу тайпанаш цхьацца шерашкахь кхолла таро йолуш ю тайп-тайпана фазанаш, цӀоззо санна, тӀаккха царех долу зулам хаалуш хуьлу.
Цаьпцалгкерчеран доьзалехь билгалболу доьзалал лахара тоба: