dcsimg
Image of fennel
Creatures » » Plants » » Dicotyledons » » Umbellifers »

Sweet Fennel

Foeniculum vulgare Mill.

Йиппар ( Chechen )

provided by wikipedia emerging_languages

Йиппар (лат. Foenīculum, оьрс. Фенхель)) — Четарнаш (Apiaceae) доьзалера шина- а, дукха а шерийн орамат бецан тайпана жима орамат.

 src=
Йиппар.
О. В. Томен «Flora von Deutschland, Österreich und der Schweiz» жайнин тӀиера ботаникан сурт, 1885

Ботаникан сурт

ГӀад нийса лаьтта, геннаш долуш ду, локхалла 2 м гергга.

Орам чӀукепара, стомма, урчакхкепара.

ГӀаш кхузза я деазза месашца декъна.

Кедалг къаьсташ йоцучу цергашца, жаз можа, шуьйра хӀоакепара, боьххьехь шуьйра кӀаг бу, циггахь дакъолг ду чухьовзийна.

ХӀу хӀоакепара-дехуо, пурхнехьа гоьрга, аххӀу 5 дика къаьстачу аьрта сенца, агӀонашкара — кӀеззиг сов озийна, кхуллу юткъа тӀамкепара йист, 1000 хӀун масса 5—6 г.

Лелор

Культивацию ширачу заманара дуьйна юурган а, дарбанан а орамат.

Эфирдаьттан (хӀушца 6,5 % эфиран даьтта ду, юкъахь 40-60 % анетол а долуш), чоман орамат. Хьожано дагайоуьйту цица а, эстрагон а.

Йиппаран эфиран даьтта леладо медицинехь, парфюмерин-косметикан, сабадаран промышленностехь, ветеринарихь; хӀуш а, эфиран даьтта а леладо препараташ еш, леладо метеоризмехь, кхин а ламастан дарбанан гӀирс санна, масала оччаман хи, тайп-тайпана бецан чайнаш, бецан гуламаш.

Даххаш (20 % гергга белок) даадо даьхнашна.

APILAMан хаамашца, йиппаран даьттанца долу эфир анетол нейротоксикан ду, моха яийта тарло, иза ненан шурех кхета кӀезиг барамехь. Йиппаро ненан шура тӀетуху боху хабарш, гӀалате ду[1].

ХӀуш леладо абсент еш оригиналан рецептаца.

Кепаш

Fenouil.jpg

The Plant List хаамийн базанца, тайпанан юкъахь 3 кеп[2] ю:

Билгалдахарш

Литература

Кеп:Пряности

license
cc-by-sa-3.0
copyright
Wikipedia authors and editors

Йиппар: Brief Summary ( Chechen )

provided by wikipedia emerging_languages

Йиппар (лат. Foenīculum, оьрс. Фенхель)) — Четарнаш (Apiaceae) доьзалера шина- а, дукха а шерийн орамат бецан тайпана жима орамат.

 src= Йиппар.
О. В. Томен «Flora von Deutschland, Österreich und der Schweiz» жайнин тӀиера ботаникан сурт, 1885
license
cc-by-sa-3.0
copyright
Wikipedia authors and editors